Йерригроссин халкъан фронтан векалша теллина Гермачигна йистехула боьдуш болу некъ тобаран болх.
«Кхерамаза а, дика а некъаш» къоман проектан гурашкахь бечу оцу балхаца догӀу цигара 4,3 км некъ тобар.
Ша некъ 4 асане баккхарал сов, 4 светофор а, некъан 290 билгало а, некъ къасторан 3 710 м керт а йу хӀотто йезаш.
Йукъараллин гӀуллакххоша хаийтира белхаш сиха а, кхачаме а беш хилар.
Некъа тӀе силаман чкъор дилларехь А 16 ВТ, А 32 ОТ, А 22 НТ иэдарех пайдаоьцу.
Билгалдоккху оцу некъан йуьхь 2021-чохь тобинчу «Соьлжа-ГӀала — Ведана — Дагестанан доза» некъа тӀера дӀайолалуш хилар.