«Грозный» ШЭМ-н гайтам тоьллачарах лерина

Россин экономикин кхиаран министерствос а, Россерчу кластерийн а, технопаркийн а, шатайпанчу экономикин майданийн а ассоциацис а вовшахтоьхна хиллачу «Повестка ESG» дешаран программин жамӀаш дина.

Нохчийчоьнан цӀарах цигахь дакъалецира шатайпанчу экономикин «Грозный» майданан векалша.

«Чеченнефтехимпром» компанин долара «Грозный» майда а йовзуьйтуш, цара дӀабаьхьна гайтам тоьллачарах лерира.


Цул сов, цигахь дакъалацарна а, шайн хаарш тӀедузарна а аьлла, Россин цхьамогӀа субъектийн векалшна «Хаарийн экономикин институтан» тоьшаллаш делира.

Церан могӀарехь, кхеташ ма-хиллара, Нохчийчоьнан векалш а бара.

Академин 24 дарсана* лерина программа шина кепара дӀайаьхьира, проекташ Ӏалашйар тахана дӀа а хьош.

Проекташ Ӏалашйар Башкортостанан йуьртан бахаман министерствехь дӀадаьхьна хилар хаийтира дакъалацархоша.

* 1 дарс = 1 сахьт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: