Нохчийн Республикин коьрта совгӀат (Кадыровн орден) делла Шайх Зайед бен Султан Аль Нахайанан цӀарахчу Хьафизийн ишколан (Гуьмсе) дешархо лаьттинчу Гайтиев Мусана.

ХӀокху деношкахь Казанехь (ГӀезалойчоь) хиллачу Сийлахь Къуръан дешарехула йолчу Дуьненайукъарчу конкурсехь толам баьккхинера цо.
Цул сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо а дина цунна «Тойота Камри» машенца совгӀат.
Кадыровн орден а, машенан догӀанаш а цунна дӀаделира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах ахчанца совгӀаташ Кишин Кунта-Хьаьжин цӀарахчу хьуьжаран (Курчалой) дешархошна Магомадов Мохьмадна а, Магомадов Ӏабдуррахьманна а дира.
Дагестанехь дӀайаьхьначу Къоначу Ӏалимийн а, хьафизийн а йерригроссин XIX-чу конкурсехь хьалхара меттиг йаьккхина ву Мохьмад.
Ткъа Ӏабдуррахьман совгӀатхо ваьлла Хорватехь дӀайаьхьначу Сийлахь Къуръан дешарехула йолчу Дуьненайукъарчу XXV-чу конкурсехь.