Х1окху аьхкенан каникулашкахь, вайн республикин яртийн, г1аланийн дешаран ерриге а учрежденешкахь бохург санна, жигара д1ахьош бу дешаран керлачу шарна кечамаш бар, школаш чохь кир-басар а, кертахь ц1ано а яр, тайп-тайпана белхаш.
Цу тайппана, и кега-мерса белхаш бира Шелан районан Сиржа-Эвларчу №9 йолчу гимназехь а. Цу хьокъехь дерг кху деношкахь тхуна довзийтира оцу гимназин директора Мурадов Идриса: «Масех де хьалха девлла тхо дешаран керлачу шарна кечамаш бина. 1800 кв метр сенеш а кечйина, тоха безаче кир а тоьхна, басарш а хьаькхна», – элира цо.
«Тхан дан дезаш кхин башха даккхий г1уллакхаш а дацара. Оха гулдала ца дитинера кхузахь дадезарш», – бохура Идриса.
Партанаш, г1анташ кийча а, тоьар долуш а ду. Малх санна къегина д1ах1иттийна классаш а. Верриге а 730 дешархо ву цу гимназехь, 65 хьехархо а, 30 кхиболу белхахой а бу. Цара бертахь цхьаьна бира шайн дешаран кхерчахь и белхаш. Чохь кечйина ца 1аш керт а къагийна цара, ц1ано а йина. Доцца аьлча, уьш х1инцале а кийча бу дешаран керлачу шарна.
МАТАГОВ Исхан
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо