Дешархошлахь медицинин хьалхарчу олимпиадин финал НПУ-хь дӀайаьхьна

Кадыров А-Хь. цӀарахчу НПУ-н Технопаркехь дӀайаьхьна дешархошлахь хьалхарчу медицинин олимпиадин финал.

«Medication» ишколо а, Дешаран а, Ӏилманан а министерствос а вовшахтоьхнера иза.

Практикин а, теорин а тайп-тайпана тӀедахкарш кхочуш а деш, цуьнан гурашкахь шайн хаарш теллира дакъалацархоша.

Медицинин хьалхара гӀо-орца а, хирурги а, кардиологи а, химико-биологин лаборатори а йара олимпиадин конкурсийн могӀарехь.

Финалехь дакъалоцуш хилла Соьлжа-ГӀалара 10 тоба 10 конкурсах чекхйелира, жамӀаш иштта а нислуш:
• 1-ра меттиг: №33 ишкол;
• 2-гӀа меттиг: №60 ишкол;
• 3-гӀа меттиг: №18 ишкол.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: