Йерригроссин педагогикин «Флагманы образования. Студенты» конкурсе финалисташ бовларца Россерчу дешаран хьукматашлахь лидер йу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет.
24-26-чуй деношкахь Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь дӀайаьхьначу округан ахфиналан жамӀашца билгалдаьлла иза.
ТӀебогӀучу беттан чаккхенехь Санкт-Петербургехь дӀахьур йолчу финалехь Нохчийчоьнан цӀарах дакъалоцур ду цара.
Финале бевлла НПХЬУ-н студенташ: Расуева Амина, Паршоева Медина, Дениева Мадина, Яхаева Элита, Хадаева Райман, Мусаев Мохьмад-Амин, Мунаев Илес, Кадиева Амина, Агамирзаев Сулиман, Моцуева Хеда.
Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетан студент а йаьлла финале — Эрбиева Медина.