Нохчийн Республикин Премьер-министр Хучиев Муслима, шеца цхьаьна вице-премьер — Йуьртан бахаман министр Закриев ИбрахӀим а волуш, Шелан кӀоштарчу Чуьйри-Эвлахь хилира.
Цигахь, хууш ма-хиллара, 4 заводах лаьтта «Казбек» технопарк йаран белхаш бу жигара дӀахьош.
Лакхахь хьахийначу 4 заводах 3 хӀинцале а болх беш йу, чекхйалаза йерг фиброцемантан тахтанаш даран завод а йолуш.
Инспекци йеш а волуш, маьӀне хӀума билгалдаьккхира Премьер-министра — технопаркан болх буьззинчу барамехь дӀаболоро 500 сов белхан меттиг лург хилар.
Даздаран хьолехь технопарк кеста схьайоьллург хилар а хаийтира цо.