ЦӀейахханчу «Итон-Кхаьлла – Шатили» некъан Нохчийчуьра географи

Кавказан лаьмнашна сехьара вайн Нохчийчоь а, оццу лаьмнашна дехьа Ӏуьллу Гуьржийчоь а вовшаххуттуш бу «Итон-Кхаьлла – Шатили» некъ.

Иза буьйцуш хазаза а, цунах кӀеззиг а хаарш доцуш а наггахь бен вахархо карор воцуш, вайн махкахь цӀейаххана некъ бу иза.

Бакъду, тахана и некъ биллина бац, цигахула дӀаса ца лела йа машенаш а, йа нах а. Амма Нохчийчоьнан Ӏедалан лаамехь а, цо тӀе боккха тидам бохуьйтуш а бу иза, хӀунда аьлча, йеккъа цхьа Нохчийчоь а, Гуьржийчоь а вовшаххоттаран Ӏалашо хилла ца Ӏаш, Россин къилбе Гуьржийчоьца а, Эрмалойчоьца а, Хонкарца а хоттарна маьӀне некъ иза болу дела.

Делахь а, вайна луург вайн махкахошна оцу некъан вайн махкара географи йовзийтар ду.

Соьлжа-ГӀалара дуьйна лерича, оцу некъан йуьхь «Минутка» майданара дуьйна дӀаболалучу М.Узуевн урамца ларалуш йу.

И урам Дени-Шайхан а, Изновр-Моллин а цӀарах ши йурт (ший а Соьлжа-ГӀаларчу БойсгӀаран кӀоштана йукъайогӀу) хотталучохь чекхболу, кхидӀа «Росавтодоран» долара Р-217 некъ а болалуш.

И некъ кхидӀа Хьачара кхаччалц хьалабоьду, ткъа вайна цуьнан Итон-Кхалла кхаччалц долу дакъа ду дезарг — Изновр-Моллин цӀарахчу йуьртахь болабелла и некъ Элихановн йуьртахула (Соьлжа-ГӀала) а болий, кхидӀа хьалабоьду: Хьалха-Мартан кӀошт (Йоккха-АтагӀа), Шуьйтан кӀошт (Дочу-Борзе, Лаха-Варанда, ЧӀишка, Яраш-Маьрда, Зонах, Шуьйта, ГӀуш-Корта, Гоьргача, Нихала), Итон-Кхаьллан кӀошт (Башин-Кхаьлла, ГӀучум-Кхаьлла, ЧӀинах, КӀонжаха, Кхокхада, Итон-Кхаьлла).

КхидӀа а Итон-Кхаьллан кӀоштехула боьду и некъ Гуьржийчоьнан дозане кхаччалц, шен цӀе, кхин некъ хиларе терра, кхин а йолуш – «Итон-Кхаьлла – Шатили».

Амма, оцу некъаца а, цуьнан дозанца а Ӏохку йарташ йухаметтахӀитторан болх чекхбалаза хиларе терра, Итон-Кхаьллан кӀоштан административни дӀахӀоттаман кепаца и некъ шайн дозанашкахула чекхболуш йолу йарташ билгалйохур йу вай кхидӀа: Тусхара, БӀовлой, МоцкӀара.

Иштта географи йу-кх цӀейахханчу «Итон-Кхаьлла – Шатили» некъан.

И.ИСЛАМОВ
№39, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2022 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: