Бакъонаш ларйаран органийн векалшца цхьаьнакхетта Кадыров Рамзан

Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствона а, Къоман гвардина а йукъайогӀучу бакъонаш ларйаран органийн буьйранчашца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Кадыров Рамзана.

Цигахь дийцаре дира аьхкенан муьрехь йукъараллин кхерамазалла Ӏалашйарца доьзна гӀуллакхаш.

«ХӀокху муьрехь цхьамогӀа даздарш а ду, иштта, алссам туристаш а, хьеший а вайн махка богӀу хан а йу аьхке. Бахархойн а, хьешийн а кхерамазалла лаккхарчу тӀегӀанехь Ӏалашйан йеза вай цундела«, — билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цул сов, Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь жигара дакъалоцул болчу нохчийн бӀаьхошна а, буьйранчашна а баркалла а элира Кадыров Рамзана.

«Шайх тешийначу массо а дакъошкахь тӀехдика жамӀаш гойтуш бу вайн бӀаьхой«, — элира цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: