Иракъерчу набахтешкахь болчу россихой-зударшна гӀо деш ду Кадыров Рамзанан тӀедилларца

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, белхан гӀуллакхца Иракъехь хилла Ӏаьрбийн а, бусалбанийн а мехкашкахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочун векал волу Даудов Турко.

Ша цига вахар довзуьйтуш, цо билгалдаьккхина Иракъерчу набахтешкахь болчу россихой-зударшна гӀо-накъосталла дар Ӏалашонехь хилла хилар.

«Иракъехь йолчу Россин векалаллин белхахошца цхьаьна колонехь хилла, тутмакхашца цхьаьнакхетта, уьш чохь бахкоран хьелаш теллина», — хаийтина Даудов Туркос.

Иштта, кхачанах а, молханех а, духарех а лаьтта 2 тонна гӀо-орца а дӀаделла царна.

Цул сов, россихой-зударий чохь бохкучу камершкахь кондиционераш хӀитторан а, маьнганаш хийцаран а хьокъехь барт хилла набахтин куьйгаллица.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтера гӀо а доцуш и гӀуллакх далург хилла цахиларна тӀе тидам бахийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочун векала.

Тутмакхийн хьокъехь аьлча, Даудов Туркос хаийтина, дахаре болу хьежамаш а хуьйцуш, набахти чохь йоккхучу хена чохь цаьрца кхетош-кхиоран белхаш а бина хилар.

Зударша баркалла аьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна, даима а шайн хьашташка иза хьожуш хилар а хоуьйтуш.

Иштта, шайн доӀанашкахь шаьш Нохчийчоьнан Куьйгалхо а, Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн кӀентий а боьхуш хилар а хаийтина цара.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: