Г.Дазаев – Азин чемпион
Дукха хан йоццуш Таджикистанерчу Худжанд гIалахь дIаяьхьира II ММА-хула Азин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш Казахстанан вовшахтоьхначу командин декъашхо волу Нохчийн Республикера Дазаев Гайти а вара.
ДегIан йозалла 77 кийла йолчу категорехь леташ волчу нохчичо шен хьалхарчу цхьаьнакхетарехь хенал хьалха эшийра Чина махкара спортсмен. Цул тIаьхьа хиллачу тасадаларшкахь вайн махкахочо шена кхин хало ца еш толамаш бехира. Финалехь Дазаев Гайтин цхьаьнакхета дийзира Овг1анерчу Мохон Зафараца. Оцу латарехь нохчичо хьалхарчу раундехь. Командашна юкъахь хьалхара меттиг Казахстанерчу спортсменаша яьккхира. ШолгIаниг Г1ирг1ийчоьнан латархоша. Ткъа кхоалгIа меттиг Иранерчу командо яьккхира.
Билгалдаккха лаьа, Г.Дазаев панкратионехула дуьненан чемпион а, паргIат кепарчу охьатохархлатарехула спортан мастер а хилар.
Мидал ца йоккхуш цхьа а ца висира
Чекхдаьллачу кIирнах ГIебартой-Балкхаройчу «Нальчик» олучу спорткомплексехь дIаяьхьира Россин герзашца кечбинчу ницкъийн дзюдохула чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш тайп-тайпанарчу регионашкара 200 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера 10 дзюдоист а вара.
ДегIан йозалла 81 кийла йолчу категорехь финалехь Лаппинагов Казбек эшорца чемпионатехь дашо мидал яьккхира Сулейманов Iумар-Хьаьжас.
ДегIан йозалла 90 кийла йолчу категорехь къийсадаларийн коьртачу латарехь Жамбеков Сайд-Эмис эшийра Къилбаседа ХIирийчуьра Хагиров Петр.
ДегIан йозалла I00 кийла йолчу категорехь леташ волу Бисултанов Мовла а шен Iалашоне кхечира. Шайн-шайн дегIан йозаллин категорехь йоьза мидалш ехира Сети Аюба а (66 кг), Тазбаев Шемала а (66 кг), Тисаев Изнаура а (73 кг), Ахмаров Iаьрбис а (81 кг), Абдул-Межидов Тамерлана а (100 кг), Умажев Важас а (100 кг сов).
Дика леташ хиллехь а, финалехь эшарца шолгIа меттиг яьккхира дегIан йозалла 73 кийлал сов йолуш волчу Ахмаров Мохьмад.
А.АБДУЛАЕВ
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо