Селхана а, тахана а жигара дӀахьош бу XI-чу «ЧеченСтройЭкспо — 2022»-н болх.
ГӀишлошйаран индустрин а, промышленностан декъан а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а гайтам бу иза.
Нохчийчуьра а, Россин цхьамогӀа субъекташкара а 60 сов компани йу цигахь дакъалоцуш.
Хьовсархойн а, дакъалацархойн а кхиэлехь гӀишлошйаран техника а, гӀирсаш а, гӀишлошна леринчу инженерин коммуникацийн гӀирсаш а, кхерамазаллин системаш а, инновацийн технологеш а, и.д.кх.а.