НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос «Шеран тоьлла пресс-служба» конкурсе заявкаш схьаоьцу.
Пресс-секретарашна а, пресс-службийн белхахошна а, йукъараллица зӀенаш латторан говзанчашна а лерина йу иза.
ХӀокху дакъошкахь толлур бу белхаш: «Шеран пресс-секретарь», «Ӏедал кхочушдаран органийн тоьлла пресс-служба», «Муниципальни кӀоштан тоьлла пресс-служба», «Коммерцин а, коммерцин йоцчу а секторехь тоьлла PR-проект».
Конкурсехь дакъалацаре кхойкху: • Пресс-секретараш; • PR-агентствош; • Бозуш боцу PR-говзанчаш; • Компанийн а, предприятийн а PR-дакъош; • Пачхьалкхан органийн, коммерцин а, коммерцин йоцчу а хьукматийн пресс-службийн векалш.
Заявкаш карарчу беттан 30-гӀа де кхаччалц схьаоьцур йу.
Конкурсан лехамаш бовза а, заявка тӀейаккха а аьтто бу www.minnacinform-chr.ru сайта тӀехь.
Конкурсан белхаш/дакъалацархойн анкеташ pressslujba95@yandex.ru адреса тӀе дӀатаса йеза.
Контакт: Кагерманов Мохьмад, 8(963)704-86-86.