Нохчийн маттехула йолу Пачхьалкхан коьрта экзамен (ОГЭ) дӀалуш 4 эзар сов дешархо ву Соьлжа-ГӀалахь.
Оцу балхана кечйина 18 туш йу республикин пачхьенехь.
Карарчу шарахь хоржуш йолчу предметашлахь дешархоша уггаре а дукха хаьржина нохчийн мотт — лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, 9 класс йаьккхинчу 4 эзар сов дешархочо.
Соьлжа-ГӀалахь Пачхьалкхан коьрта экзамен дӀалучу дешархойн 90% хуьлу и терахь проценташкахь.
Билгалдоккху нохчийн меттан экзамен 3 декъах лаьтташ хилар: изложени, сочинени, тестан дакъа.
Кхин цхьана хӀуманна а тӀе тидам бахийта богӀу — экзаменна обществознани хаьржинчул а дукха бу нохчийн мотт хаьржина дешархой.