Хи тIехь а ларъян еза бакъенаш

Аьхкенан йовхонех кIелхьаравала олий хийла стаг а, бер а хитIе доьду. Амма цара тидам ца бо лийча мегаш доцчу меттехь йоьгIна йолчу трафоретийн. Ткъа цунах бохам бала тарло. Цу кепара бохам  вайн бахархошна ца хилийта Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллин белхахоша дIадолийна профилактика яран белхаш.

МЧС-н белхахоша шайн белхаш дIабаьхьира Эвтарахь а, Сиржа-Эвлахь а. Уьш хилира Хулхуло хитIехь а, иштта БелгIатойн-Эвлахь карьера лаьттинчу Iома тIехь а.

Хин тIехь кхерамазалла ларъяран отделан инспектора Адаев Эльдара билгалдаьккхира хитIехь  леларан бакъенаш, жима ву воккха ву ца къестош, массара ларъян езаш а хилар.

«Вайна ма-хаъара, арахь йовха ю. Цундела дукхах берш хIите баха лууш хуьлу. Баккхийнаш  балхара мукъа бевллачу хенахь боьлху, ткъа кегийнаш дийнахь а, буса а хичохь бохкуш бу ала мегар ду. Амма мичча меттехь а ма хиллара, цигахь а ларъян езаш шен бакъенаш а, къепе а ю, воккха вуй,  жима вуй ца бохуш. Хинах бохам хьанна а бала тарло. Оцу хьокъехь оха Нохчийн Республикехь дIахьош профилактика яран белхаш бу. Тхуна цу тIехь гIодеш яртийн администрацийн векалш а, полицин белхахой а бу», – элира Адаев Эльдара.

Иштта цо дIахьедира лийча кхераме йолчу меттигашкахь тоьхна трафореташ цахилар. И кхачамбацарш муниципальни Iедало кестта дIадохур ду.

Билгалдаккха деза, МЧС-н белхахоша бахархошна зулам ца далийта хиш долчу меттехь дIахьош долчу профилактика яран белхел сов, ярташкахь адам вовшахкхетачу метте а боьлхуш, царна хитIехь хила тарлучу бохамех дуьйцуш хилар а, оцу хьокъехь мел оьшуш дерг тIехь долуш йолу буклеташ дIаса йоькъуш хилар а.

А.АБДУЛАЕВ

№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: