Iаьрбийн гоьваьллачу тхьамдин Шайх Зайед Аль Нахайанан цIарахчу Нохчийчохь совдегараллин а, инновацийн а гIолацаран фондан пхи шо кхаьчна.
НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Фондан коллектив декъала а йеш, дакъалецира даздаран гIуллакхашкахь.
«Йоццачу хенахь Фондан белхахоша вуно дукха болх бина республикерчу жимачу а, йуккъерчу а бизнесна финансировани йаран декъехь. Таханлерчу денна Фондо, схьа а эцна, йийцаре йина финансировани йан йезаш йолу 2 200 герга бизнес-идейн заявка. Финансировани йина 330 проектана, церан йукъара барам 1 млрд 700 млн ₽ гергга бу. Иштта, кхоьллина 1 000 сов белхан керла меттиг», — йаздина республикин Куьйгалхочо ВКонтактерчу шен агIонехь.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира белхан итт меттиг кхоллархьама а, кIезиг йоцуш, харжаш йан йезаш хилар.
Фондан команда, коьртачу директора Черхигов Адама говза куьйгалла а деш, кхиамца ларайо оцу декхарца.
Таханлерчу денна доккха зеделларг а IаIийна цара.
Кадыров Рамзана дийцарехь, церан белхан башхачу жамIаша гойту уьш лаккхара корматалла йолуш хилар а, хIора а белхахо доггаха шен болх беш хилар а.
Фондан гIуллакхалла хьакхалуш ду экономикин декъан мехалчу некъех.
Коьрта тидам тIебахийтина бу йуьртан бахам а, кхачанан промышленность а кхиорна, гIишлошйаран коьчалш арахецарна.
Оцу дерригенал а сов, Фондан белхахоша (консультацеш йеш) хьехамаш беш доккха гIо до совдегаралла лелон буьйлалуш болчарна. Ткъа оцо, шен рогIехь, алсамбоху совдегаралла лелорна йукъабогIуш берш.
Инвесторан болх, бакъонца, уггаре а чолхечух лоруш бу. Цхьана гIуллакхна харжаш йале хьалха иза тешна хила веза проект санехь хирг хиларх, инвестора шен кхетаман терзанахь оза йеза проектан дика а, вон а агIонаш, хаа деза иза оьшуш йу йа йац.
И дерриге а хьесапе а оьцуш, кхиамца болх беш йу фонд. Иза билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цул сов, Кадыров Рамзана Кадыровн орденца совгIат дира Черхигов Адамна, баркалла элира цо бинчу балхана.