ЛХР-на молханашца рогӀера гӀо дина А-Хь.Кадыровн фондо

Луганский Халкъийн Республике рогӀера гӀо-орца хьажийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо хаийтина хӀинцалера гӀо меттигерчу медицинин учрежденешна кхаьчна хилар.

Дахьийтинарш молханаш хилар а, иштта, уьш 5 тонна гергга хилар а тӀетоьхна Кадыров Рамзана.

БӀаьхошна а, бахархошна а дарбанаш лелорехь пайдаоьцур бу оцу молханех а, медицинин гӀирсех а.

Цул сов, ЛХР-чу медицинин учрежденешкахь къахьоьгуш Нохчийчуьра 30 сов лор хилар а хаийтина республикин Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: