Къилбан а, Къилбаседе-Кавказан а ФО-чу прокуратураша масал эца догӀу Нохчийчоьнан Прокуратурин балхах. Иштта дӀахьедар дина оцу шина а округехула йолчу РФ-н Коьртачу прокуратурин Урхаллин хьаькама Сомов Константина.
Иза куьйгаллехь а волуш дӀайаьхьначу семинар-кхеташонехь дийцаре дира бакъонийн акташ талларна тӀехь тергойарца а, къайлахчу совдегараллах пайдаэцарца а, белхан меттигаш нисйарца а доьзна цхьамогӀа гӀуллакхаш.
Нохчийчоьнан Прокуратурин векалша хаийтира оцу декъехь шаьш 16 таллам дӀабаьхьна хилар, иштта, оцу белхан жамӀаш а довзийтира: 270 вахархочуьнца къинхьегаман йукъаметтигаш нисйина, йолчу белхан меттигашка 788 стаг дӀатарвина, и.д.кх.а.