Хойн историн-архитектурин комплексехь хилла кегийрхой.
Царна, географи а, туризман маршруташ а йовзийтина ца Ӏаш, ша оцу йуьртан истори а йовзийтина.
Чоьхьара туризм кхиоран а, халкъан истори а, культурин тӀаьхьалуонаш а йовзар кегийрхошна марздаран а Ӏалашонца дӀахьош болх бу иза.
И болх дӀабахьар тӀедиллинарг НР-н Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан ву, ткъа вовшахтоьхнарг — НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна НР-н кегийрхойн гӀуллакхийн министерство.
«По стопам предков» цӀе йу оцу экскурсийн.
Цуьнан гурашкахь дакъалаца йиш йолуш ву 14 шарера ваьлла а, 35 шаре кхачаза а верг.
Контакт: 8(999)554-04-58 / Сайд-Ахьмад