Герх нийса тохарехула болчу Йерригроссин къовсамехь толам баьккхина нохчичо

Соьлжа-ГӀалин векала Усмаев Ахьмада толам баьккхина Герз нийса тохарехула болчу Йерригроссин къовсамехь.

Спортан снайпинган 5-чу юбилейн Евроазин чемпионатан къасторан муьрехь дӀабаьхьна къовсам бара иза.

Хьалхара ши мур Тюменан а, Свердловскан а мехкашкахь дӀабаьхьира, ткъа хӀара — Челябинскан областехь.

30 сов спортхо-снайпинг вара герз нийса а, гена а тохарехула болчу къовсамехь дакъалоцуш, шайна хьалха лаьтташ 16 Ӏалашо а йолуш.

300 м тӀера 1,2 км кхаччалц йолу йохаллаш йара тайп-тайпанчу церан.

Лакхахь билгалваьккхинчу Усмаев Ахьмада «223/308» декъехь толам баьккхира.

Товбецан баттахь Екатеринбургехь дӀахьур йолчу Спортан снайпинган 5-чу юбилейн Евроазин чемпионатан финалехь дакъалаца бакъо хир йу цуьнан.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: