Говза журналист, майра бIаьхо

1иса

Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIотторца цхьаьна 1957-чу шарахь юха а арахеца долийра республикин «Ленинан некъ» газет. Хьалхарчу шерашкахь яккхий халонаш лан дийзира газетан белхахойн. Тоьаш бацара газетан гIуллакх девзаш, яздан хууш болу говзанчаш. Корматалла йолуш берш а Алма-Ата гIалахь арахоьцуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх беш, даймахка юхаберзаза бара. Цул сов, нохчийн маттахь зорба лахьо Iемина бацара полиграфисташ а. Уггаре а халаниг дара газетан болх вовшахтоха хууш, белхан зеделларг долуш куьйгалхо вина цига хIотто стаг оцу хенахь карош цахилар. Кест-кеста хуьйцуш бара газетан редакторан декхарш кхочушдеш берш. И бахьана долуш  чулацам, кечдар ледара долуш дара газет.

Оцу хьолехь 1958-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан редактор чIагIвина, редакце ваийтира Шаипов Iийса. Иза цига веанчул тIаьхьа редакцин коллективана хиира керла редактор Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хьалхарчу дийнахь дуьйна цуьнан тIаьххьарлерчу дийне кхаччалц тIемаш беш, вайн мехкан гIаланаш, ярташ мостагIех паргIатйохуш, Сталинградана тIера Европе кхаьчна волу кадрови эпсар хилла хилар. Газетан чолхе корматалла дIакхехьалур юй-техьа тIеман корматалла йолчу эпсаре бохуш шеконаш йолуш берш а бара. Царна ца хаьара керла редактор майра бIаьхо, Даймохк ларбархо хилла ца Iаш, ткъа иштта корматаллин журналист хилла хилар а. Iийса тIамехь дивизин «Сталински  гварди» газетан редактор лаьттина вара. Фронтан газетана материалаш кечъеш, тIемалойн хьуьнарех лаьцна дуьйцуш болу хаамаш дIаязбеш йолу блокнот а, къолам а охьабиллича, кара герз оьций, тIемалойн тобанна коьрте хIуттий, тIемаш беш, юха а шен журналистан «герз» – блокнот а, къолам а караоьций, шен газет арахоьцуш, тIамах чекхваьллера I.Шаипов.

Керла редактор веана дукха хан ялале орамашкара хийцаделира редакцин коллективехь хилла хьал, Iийсас журналистийн болх вовшахтохар бахьана долуш газетдешархошна хааделира зорбанан гIирс шен декхарш дан ма-деззара кхочушдан болабелла хилар. Редактора уггаре а хьалха коллективана коьрта декхар дина хьалхахIоттийра республикин социально-экономически дакъа кхиорна, махках баьхна, кхойтта шо даьккхина, цIабоьрзуш болу нах дахарехь а,   балхахь а дIанисбарна коьрта тидам тIебахийтар. Шорйира зорбатухучу материалийн тематика, географи.

Материалаш язъян командировке бохуьйтуш болчу журналисташна отделийн заведующеша заданеш яларх тоам ца беш, хIоранна а ша хьоьхура Iийсас хIун муха яздан деза, материал мичара ян еза.

«Вайн декхар ду дахарх, адамех лаьцна бакъдерг яздар», – хьоьхура I.Шаиповс. – Маггане а мегар дац харцдерг яздина, стагана халахетийта», – олура цо. Дукха хан ялале ца довззал хийцаделира газет. Лакхахь лаьттачу органаша шена хьалха хIиттош болу лаккхара лехамаш буьззина кхочушбеш дара иза хIинца. Цу тIе редакцин коллектив а шен ницкъах тешна йолуш, корматалла лакхайолуш, болх бан йолаелира. Газетан хIора номерца толуш бара цуьнан чулацам. Тайп-тайпана яра цо зорбатухучу материалийн тематика. Iийсас белхан коллективана тIехь куьйгалла дина ца Iаш, ша а дуккха а статьяш язйора. Меттигерчу зорбанехь а, центральни газеташкахь а зорбатухура цуьнан материалаш. ДагайогIу цо «Известия» газете язйина хилла статья. Нохч-ГIалгIайчоь юхаденъярх, меттахIотторах лаьцна яра иза.

Коллективехь лехаме а, лаккхара жоьпалла долуш а вара Iийса. Амма муьлххачу а гIуллакхехь нийсо, бакъдерг дезаш вара. Адамашца гуттар а кIеда-мерза а, комаьрша а вара. Цундела редакцин белхахой баьхкина ца Iаш, газетдешархой а богIура иза волчу – шайн бала балхо, цунах дагабовла. Царех хIораннан а дог оьцуш, дала жоп карадора Iийсана. Цундела иза белхан коллективо а, вевзачара а сий деш а, лоруш а вара.

I.Шаиповн тIеман хьуьнарех, фашистски ардангаш йохийна, вайн мохк паргIатбаккхарехь цо юкъайиллинчу хазнах, цуьнан журналистски некъах лаьцна яздора кхечу журналисташа а, яздархоша а. Масала, 1991-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь араяьллачу «Йоккха АтагIа  а, атагIой а» цIе йолчу шен киншки тIехь I.Шаиповн бIаьхаллин а, корматаллин а гIуллакхех лаьцна даггара яздо журналиста Матиев Вахас. Иштта газеташкахь а арайийлира цунах лаьцна материалаш.

Кхетаме хьехамча, дика накъост вара Iийса. Оха даггара дозалла дора тхешан редактор майра бIаьхо, тIеман журналист, ЦIечу байракхан а, ЦIечу Седанан а орденийн, ворхI мидалан кавалер, гвардин майор волу башха стаг хиларх.

1942-чу шеран гурахь, Сталинградски агIор фашистийн эскарш тIемаш беш, чугIерташ хиллачу халачу хенахь, гвардейски стрелкови 34-чу дивизин могIаршкахь тIемаш беш хилла Iийса. Цуьнан майраллех, къонахаллех лаьцна дуккха а яздира тIеман шерашкахь арадевллачу газеташкахь. Масала, Къилбан фронтан газетан масех номерехь дуьйцура Шаипов Iийсан турпалаллех лаьцна.

1966-чу шарахь Москва гIалахь араяьллачу «Журналисташ – тIамехь» цIе йолчу книгин 217–218-чуй агIонашкахь дуьйцу 1942-чу шарахь I.Шаиповс бинчу тIамах лаьцна.

1942-гIа шо дара. ГIалмакхойн аренашкахь хьоькхуш бара дегIах чекхболуш, шийла мох. Амма гвардейски стрелкови 34-чу дивизин эскархой шело ца хаалуш, дегайовхо алсам йолуш, немцошна тIелеташ бара. Цара Волгин бердайистошна гена бохуш, лоьхкура мостагIий. Фашисташна тIелеташ болчаьрца вара дивизин газетан редактор, майра бIаьхо нохчи Шаипов Iийса.

Керла арадаьллачу дивизин газетан номерш эцна ваханера иза эскархой болчу, газеташ дIа а декъна, газетан рогIерчу номерна материалаш гулъян волавелира журналист. Оцу хенахь эскаран декъан бIаьхошка омра кхечира фашисташна тIелата, аьлла. Цаьрца тIом бан вахара I.Шаипов а.

Фашисташна тIелатар кхиамца дIадоладелира. Вайн эскархой тIамца Халхушта юьрта бахара. Амма тIом бар чолхе хуьлуш лаьттара. ХIоьттинчу хьолехь Iийсан шена тIеэца дийзира эскархошна тIехь куьйгалла дар. Оцу дийнахь хиллачу тIамах лаьцна Къилбан фронтан газето яздора: «Гвардейцийн цхьа тоба I.Шаиповца цхьаьна – верриге а 45 бIаьхо – шайн накъостех, шайн эскаран декъах дIахадийна йисира. Цаьргахь кхоъ станкови, шиъ карахь лело пулемет, танкашна туху кхоъ топ, гранаташ, иччархойн цхьа топ бен кхин герз дацара.

Гвардейцаша схьалецира масех окоп, чохь вовшашна тIекхача яьхна саьнгарш а йолуш. Хьалха, вайн эскархошна некъ ца буьтуш, етташ яра немцойн шиъ даккхий патармаш долу пулемет.

Саьнгаршна чухула, шеца масех эскархо а волуш, I.Шаиповс и пулеметаш йолчу улле а вахана, гранаташца йохийра уьш, хIаллакбира фашисташ а.

Фашисташкара схьаяьхначу окопашна чохь дIачIагIбелира гвардейцаш. Сатоссучу хенахь немцоша тIелатар дира. Фашистийн хьалхара могIанаш некъ болчу кхачале вайн эскархоша окопаш чуьра пулеметаш а, автоматаш а етта йолийра. МостагIий шайн цIийла керчира, уьш хIаллакьхилира шаьш билгалйинчу метте кхачале.

Нохчийн майрачу бIавхочунна I.Шаиповна а, цуьнан тобанерчу накъосташна а къаьсттина боккха сингаттам латтабора 40 метр гергга бен кхарна кхин генахь йоцуш хиллачу немцойн кхаа окопа чуьра бечу тIамо. ТIаккха вайн бIаьхоша герз детташ, накъосталла а деш, немцойн окопашна текхна, тIевахара бIаьхо Неприенко. Цо немцой чIагIбеллачу метте масех граната кхоьссира. Кхойтта гитлеровец вийра. I.Шаиповс куьйгалла дечу эскархойн тобано схьалецира кхин а кхоъ окоп.

МостагIчо, хьераваьлча, санна, яккхий тоьпаш етта йолийра советски эскархой болчу метте. Майрачу кIентийн могIарш нилхадовлуш дара. Шен блокнот схьа а йиллина, I.Шаиповс яздира: «Патармаш кхачош лаьтта. ГIо даре сатуьйсу. Кху къизачу тIамехь тхо дала реза ду, амма гвардейцашна тIе эхь доуьйтур дац!». Оцу кехатца цхьа бIаьхьо вахийтира вайн эскарш долчу.

Немцоша лелочун терго ечу салтичо кхойтта сахьт долуш хаам бира: «Аьтту агIорхьара танкаш йогIу».

Вайн окопашна тIейогIуш яра мостагIчун танкаш. Дийна висинарг берхIийтта бIаьхо  бен вацара.

ГIагI дохочу цIелаточу патармашца ши танк ягийра вайн гвардейцаша.

Немцоша даккхий патармаш долу минометаш етташ, кхин а чIогIа тIелатар дира. Фашисташа яккхий тоьпаш етта  йолийра, мотталора дерриге а дуьне цIаро дIалаьцна ду, латта дегадора, хIаваэхь снарядаш лелхарна дуьне Iадош, гIовгIа яра. Дийна висинарг хIинца верриге а исс гвардеец бен вацара. Амма цара, юха ца бовлуш, тIом бора фашисташца, цхьа ког биллал латта дIа ца луш.

I.Шаиповс куьйгалла дечу бIаьхоша 16 сохьтехь тIом бира, тIелеташ хилла фашисташ шаьш ларъеш йолчу меттера дехьа ца бовлуьйтуш. Ша чов хилла воллушехь, гвардейцашна тIехь куьйгалла дира I.Шаиповс. Цо ша тIеман оцу цхьана дийнахь фашистски 26 салти а, 3 эпсар а хIаллаквира, танкина дуьхьал тухучу тоьпаца йохийра 3 автомашен а, жима цхьа танк а.

ТIом чекхбаьлча, Шаипов Iийса медсанбате ваьхьира. Амма дукха хан ялале, иза шен редакце схьа а веана, газет арахеца волавелира. И тIом беш, гайтинчу майраллина, къонахаллина цунна елира ЦIечу Байракхан орден».

Иза нохчийн халкъан майрачу кIентан бIаьхаллин некъан цхьа масал бен дац. Иштта тасадаларш дуккха а хилира I.Шаипов тIемашца чекхваьллачу оцу буьрсачу шерашкахь. Оцу хенахь Даймохк ларбархочун, журналистан къолам дуккхазза а хийца дийзира буьрсачу герзаца. И ший а корматалла дика карайирзинера нохчийн майрачу бIаьхочунна Шаипов Iийсана.

С.МАГОМАЕВ

 № 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: