Флоат-ангали даран завод йан лерина Нохчийчохь

300 белхан меттиг а лур йолуш, флоат-ангали даран завод йан лерина вайн махкахь.

Петербурган дуьненайукъарчу экономикин 25-чу форуман гурашкахь билгалдаьлла иза.

Оцу хьокъехь барт бина НР-н гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима а, «Пекин Триумф Интернэшнл Инжиниринг» компанин векалша а.

Билгалдоккху оцу форумехь дакъалоцуш 69 пачхьалкхан а, Россин цхьамогӀа субъектийн а векалш хилар.

Нохчийн Республикин делегацин куьйгаллехь вайн мехкан Премьер-министр Хучиев Муслим ву.515:24

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: