Лаьмнийн кӀошташкахь керла 2 тӀай ду туьллуш

«Кхерамза а, дика а некъаш» къоман проектан гурашкахь цхьацца тӀай ду Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кӀошташкахь туьллуш.

Хьалхарниг «Шуьйта — Шаран-Орга — ХӀима» некъа тӀера Нохч-Келана тӀебоьдучу некъаца туьллуш ду.

Лакхахь хьахийначу Нохч-Келан бахархойн хьашташна лерина и тӀай 32 м деха хир долуш ду.

ШолгӀа тӀай «Соьлжа-ГӀала — Шуьйта — Итон-Кхаьлла» некъа тӀера Зумса йуьртана тӀебоьдучу некъаца туьллуш ду.

22,7 м деха хир долуш долу и тӀай, кхеташ ма-хиллара, Зумсан бахархойн хьашташна лерина хир ду.

И белхаш дӀабахьарехь къахьоьгу НР-н автомобилийн некъийн министерствон белхалоша.

ХӀокху деношкахь цигахь Йерригроссин халкъан фронтан векалш а хилла.

Цара теллина ший а тӀай тилларехь дӀахьош болу болх.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: