Петербурган дуьненайукъарчу экономикин форуман гурашкахь хиллачу шен къамелехь Россин Президента Путин Владимира, инвестицеш махкахь йе аьлла, кхайкхам бина Россерчу йаккхийчу компанешка.
Оцу балха тӀехь Россин Имперехь хиллачу совдегарех пайдаэцар а кхайкхина цо.
«Баккъал а болу кхиам хуьлу хьайн а, хьайн доьзалхойн а кхане Даймахкаца йоьзча», — элира Россин Президента.
Иштта, Путин Владимира билгалдаьккхира мохк йоккха тӀаьхьалуо йолуш хилар, тайп-тайпанчу дакъошка кхиоран инвестицеш йар а кхойкхуш.
«БахрушингӀара а, МорозовгӀара а, ЩукингӀара а, РепищинскийгӀара а, АкчуренгӀара а, ГарелингӀара а, АпанаевгӀара а, МациевгӀара а, МамонтовгӀара а, ТретьяковгӀара а, АрсановгӀара а, ДадашевгӀара а, ГаджиевгӀара а иштта кхочушбина шайн болх. Оьрсийн а, гӀезалойн а, бурятийн а, нохчийн а, дагестанхойн а, якутийн а, хӀирийн а, эрмалойн а, кхечеран а дуккхачу а совдегарша-доьзалша, шайн тӀаьхьалуонаш а ца йитина тесна, иштта, вайн мехкан истори йукъа шайн цӀераш а йазйина», — дийцира Россин Президента.