Дуьненан 2 рекорд хӀоттийна вайн республикехь

3 кеманхочо аэрошюта тӀехь а, мотопараплана тӀехь а дуьненан 2 рекорд хӀоттийна Нохчийчохь.

Хьалхара рекорд Коновалов Игора хӀоттийна: 15 сохьтехь 1 056,2 км некъ бина цо аэрошюта тӀехь, охьа а ца хууш / «Усмань» аэродром (Шаршки, Липецкан область) — Россин спецназан университет (Гуьмсе, Нохчийн Республика).

ШолгӀа рекорд хӀоттийнарг Конюхов Федор а, Потапкин Игорь а ву: 13 сохьтехь 17 минотехь (жимма хийцамаш хила тарло) 1 039,7 км некъ бина мотопараплана тӀехь, охьа а ца хууш / «Усмань» аэродром (Шаршки, Липецкан область) — Шелковски кӀошт (Нохчийн Республика).

Билгалдоккху акцин дакъалацархойн могӀарехь Архангельск а, Вологда а, Ярославль а, Москва а, Тула а, Воронеж а, Дона-тӀера-Ростов а, Краснодар а, и.д.кх.а гӀаланаш хирг хилар.

Экологин «ЦӀена Арктика» федеральни дӀадолоран гурашкахь дӀахьош болх бу иза, шен чаккхе Новороссийскехь а хир йолуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: