Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхетта Россин Федерацехь волчу ГӀажарийчоьнан векалца Джалали Каземца.

Цигахь бийцаре бира шина республикина йукъахь цхьаьнагӀуллакхдаран болх а, цуьнан тӀаьхьалуонаш а.
Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Малхбузенера гӀо-орца цахиларх а, мохк кхиа йиш хилар ГӀажарийчоьно гайтина хилар.
Иштта, Нохчийчу инвестицеш йан бегӀийла хьелаш кхоьллина хиларна тӀе тидам а бахийтира цо.
ГӀажарийчоьнан векала Нохчийчоь кхуьуш хилар хьахийра, куьйгаллехь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а волуш, дуьненайукъарчу терроризмаца къийсам латторан болх билгал а боккхуш.
Цул сов, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан шайн махка варца болу шен лаам а бовзийтира Джалали Казема.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь ГӀажарийчоьца махлелоран а, экономикин а, культурин а зӀенаш кхио Нохчийчоьнан куьйгалла кийча хилар хаийтира Кадыров Рамзана.