Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Россин Къоман гвардин директора Золотов Виктора а пачхьалкхан совгӀаташ дина Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин цхьамогӀа дакъалацархошна.

«Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» II-чу тӀегӀанан орден йелла Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин 5 бӀаьхочунна, «Доьналла гайтарна» мидал 14 бӀаьхочунна йелла, ткъа 1-нна — Жуковн орден.
Шен къамелехь Кадыров Рамзана хаийтира Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхойх 300 гергга салти, майралла а, доьналла а гайтарна, пачхьалкхан совгӀаташца билгалваьккхина хилар.
Цул сов, Коьртачу буьйранчин тӀедахкарш кхочушдан бакъонаш ларйаран органийн белхахой а, эскаран салтий а, бӀаьхой а кийча хилар а карладаьккхира цо.
Золотов Виктора Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна баркалла элира, йуьйцуш йолчу операцин йуьххьехь дуьйна иза буьйранчашца зӀенехь хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш.
Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театрехь дӀадаьхьира и цхьаьнакхетар, чаккхе концертан программица а йерзош.