Йукъараллин транспортан хьашташна керла микроавтобусаш эцна

Транспортан декъе инвестицеш йалоран хьокъехь долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца кхочуш а деш, керла микроавтобусаш йалийна Соьлжа-ГӀала.

Пачхьенерчу йукъараллин транспортан хьашташна лерина йу уьш.

Транспортан а, зӀенан а министерствос хаийтина йалийнарг 33 машен хилар: ГАЗель NEXT-ш а, ГАЗель CITY-ш а.

Карарчу шарахь йукъараллин транспорт цӀинйаран хьалхара гӀулч йара иза — баханчу 5 баттахь 50 сов керла микроавтобус йу республике йалийнарг.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: