Нохчийчоьнан вице-премьер Сулейманов Эльхан — Россин Ӏилманийн академин профессор

«Профессор» цӀераш йеллачарна дипломаш а, тоьшаллин кехаташ а дӀадаларан цхьаьнакхетар хилла Россин Ӏилманийн академин Президент-залехь.

Кандидаташна йукъахь «профессор» цӀе йала хьакъверг харжар оханан (апрель) баттахь дӀадаьхьнера.

Оцу цӀарна хьакъболчеран могӀарехь Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер Сулейманов Эльхан а вара — медицинин декъехула «Россин Ӏилманийн академин профессор» цӀе йелира цунна.

РӀА-н президента, физикин-математикин доктора, профессора Сергеев Александра дипломаш делира профессоран цӀераш йеллачарна, иштта, шен а, Академин а цӀарах декъала а бира уьш.

Билгалдаккха деза Сулейманов Эльхан Къилбаседе-Кавказан ФО-хь а Россин Ӏилманийн академин дуьххьарлера профессор хилар.

Цул сов, Россин Ӏилманийн академин Ӏилманан гуонашкахь иза Нохчийн Республикин векал а хиларо боккха йуьхькӏам бо вайн махкана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: