ГӀишлошйаран инновацийн «Казбек» технопаркехь 2 завод схьайиллина

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Россин промышленностан а, махлелоран а министра Мантуров Дениса а дакъалецира гӀишлошйаран инновацийн «Казбек» технопаркерчу 2 заводан болх дӀаболорехь.

И ши завод болх бан йолайаларо Нохчийчохь гӀишлошйаран дакъа кхин а эвсаре доккхург хиларх ша тешаш хилар хаийтира республикин Куьйгалхочо.

Цул сов, промышленностан дакъа кхиорна оцу мехалчу хиламо Ӏаткъам бийриг хилар а билгалдаьккхира цо.

Ший а завод а, ша «Казбек» технопарк а йоккха тӀаьхьалуо йолуш хиларна тӀе тидам бахийтира шен къамелехь федерацин министра.

Цул сов, Нохчийн Республикин промышленность кхиоран фонде кхитӀе а капиталаш йан сацам хилла хилар а хаийтира Мантуров Дениса.

Цунах, цхьа а шеко йоцуш, боккха кхаъ хилира вайн махкахь къахьоьгучу а, къахьега лаамаш болчу а совдегаршна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: