Нохчийн бӀаьхошна лерина 2-гӀа арт-пен схьабиллина Соьлжа-ГӀалахь

Схьабиллина Россис Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн буьйранчашна лерина рогӀера арт-пен.

Соьлжа-ГӀаларчу Шайх Митаев Ӏелин цӀарахчу урамехь бу нохчийн говзанчаша гӀо а деш, Купалян Александра кечбина и пен.

НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон дӀадолор ду иза.

300 м² дӀалоцуш болчу оцу пена тӀехь нохчийн 6 буьйранча а, йуккъехь Нохчийчоьнан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а ву.

Царна тӀехьа танк а, иштта, Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш а йу гуш.

РогӀера арт-объект схьайелларехь дакъалецира шуьйрачу хаамийн гӀирсийн куьйгалхоша а, бакъонаш ларйаран органийн а, Къоман гвардин а векалша а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: