20 сов техника а, 30 белхало а ву меттахӀотточу ГаланчӀожан кӀошта ток йигаран декъехь къахьоьгуш.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, и белхаш дӀахьош йу «Чеченэнерго».
Карарчу хенахь цуьнан белхалоша 2 эзар сов бӀогӀам боьгӀна, «Ачхой-Мартан» подстанци тӀера ЦӀеча-Аьхк йуьрта дӀа а кхочуш.
Оццу йуьртахь хир йолуш йу 160кВа трансформаторан хьалхара подстанци а.
50 км сов токан асанаш дӀатийсина бевлла болу энергетикаш хӀинца Жайн-Чу йуьртана гергахь бу.
Билгалдоккху и белхаш дӀабахьарна оьшуш долу гӀо-накъосталла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондера хуьлуш хилар.