Цхьана тобанна я стагана тIенисвелча, оьзда вистхилар гIиллакхе ду. Вистхила хаа а деза, вист а ца хуьлуш, тIехваьлча новкъа а догIу, амма «хьекъийла» ала догIучохь «дебийла» аьлча беламе долу. Ишттачух кегийрхой ларбаран Iалашонца ду оха хIара гIиллакхе аларш зорбане дахар а.
Дала догIучуьнга салам деллачул тIаьхьа тIекаре яр хене, бечу балхе, хIоьттинчу хьоле, жима-воккхалле, генара-гергара хиларе хьаьжжина хуьлу.
Дийнан хене хьаьжжина:
– Iуьйре дика хуьлда!
– Де дика хуьлда!
– Суьйре дика хуьлда!
– Де беркате догIийла!
– Буьйса декъала хуьлда!
Охана деш, асар деш, хи дуьллуш, кхин гIуллакхаш деш, лаьтта тIехь болхбечуьнга:
– Хьоькъийла хьан!
Мангалхочуьнга:
– ГIоза яор хуьлда!
Ялта тIегулдеш волчуьнга:
– Дала беркат дойла!
Дама, ахьар дохьуш, хьерара вогIучуьнга:
– ГIоза дуург хуьлда!
Йолах болх беш волчуьнга:
– Болх беркате хуьлда!
Шен цIен тIехь болх беш волчуьнга:
– Ирс долуш хуьлда!
Хаспана жижиг доккхуш волчуьнга:
– Жижиг мехала долийла!
Туьканахь, базарахь мах беш волчуьнга:
– Мах беркате хуьлда!
Жехь, бежехь волчуьнга:
– Дебийла!
УьстагI-газа, бежана эцначуьнга:
– Дала хайра дойла!
Таллархочуьнга:
– Дала аьтто бойла!
Моз доккхуш волчуьнга:
– Дала беркат дойла!
Белхех вахана я юьртан юкъара гIуллакх деш волчуьнга:
– Болх меле хуьлда! Дала шен дуьхьа лорийла ахь (аш) лелориг!
Мах боцуш, хьайна гIуллакх диначуьнга:
– Дала диканца бекхам бойла!
Новкъа вогIу-воьдучуьнга:
– Хьо охьанехьа (хьаланехьа) вогIу?
– Хьо дIасаваха ваьлла?!
– Дала некъ тобойла!
ТIеюху хIума эцначуьнга:
– ГIоза лелайойла!
Диплом схьаэцначуьнга:
– Диплом Дала беркате дойла!
Балха хIоьттинчуьнга:
– Болх Дала беркате бойла!
Цомгашчуьнга:
– Дала маршалла дойла!
ХIума яйначуьнга:
– Дала тIаьхьа кхиавойла!
Уьрсе ца кхуьуш, бежана деллачуьнга:
– Дала сагIа дойла!
Набахтехь стаг волчуьнга:
– Дала рицкъанаш цIадерзадойла!
Виначу денца декъалвеш:
– Дала могаш-маьрша дуккха а шерашкахь вахавойла!
Некъан бохам хиллачуьнга:
– Дала тIаьхье беркате йойла!
Некъан бохамехь лазийначуьнга:
– Эзар балех ваьлла хуьлда, Дала маршалла дойла!
Операци яйтина, цIавирзинчуьнга:
– Дала эзар балех ваьлла хуьлуьйтийла!
Доьзалхо хиллачу дега, нене (гергарчаьрга):
– ВорхI вешин ваша (йиша) хуьлда!
СовгIатца билгалваьккхинчуьнга:
– Дала тIаьхье беркате йойла!
Говр хьалха яьллачуьнга:
– Дала говран хьуьнар совдоккхийла!
Спортехь толам баьккхинчуьнга:
– Дала тIаьхье беркате йойла, кхин а баккхийчу толамашка кхачавойла!
Зорбане кечйинарг – Хь.АБОЛХАНОВ
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо
