Хьажаран майда йина лаьмнашкарчу ХӀимахь

«ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» къоман проектан гурашкахь хьажаран майда йина Шаран кӀоштарчу ХӀимахь.

Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос къахьегна и проект кхочушйарехь.

Цуьнан векалша хаийтина меттигерчу бахархойн лаамаш а, хьежамаш а шаьш тидаме эцна хилар.

Хьажаран майдин хьокъехь аьлча, билгалдаккха догӀу цигахь садаӀаран а, гӀашлойн а дакъош хилар, шайн могӀарехь бираьнчигаш а, гӀенташ а, серлонан бӀогӀамаш а долуш.

Делахь а, цуьнан коьрта башхалла кхин йу — цу тӀехьа исбаьхьа хаза схьагуш йолу ХӀима а, гуонахара лаьмнаш а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: