Сийлахьчу Толамна юкъахь – Нохч-ГIалгIайчоьнан хазна

кавказ вов

 

 

 

 

 

 

 

1942-чу шеран август, сентябрь беттанашкахь Соьлжа-ГIалина гуонаха долу хьал тIеттIа чолхе хилла дIахIуттуш дара. МостагIаша шен берриге а ницкъаш тIебахийтинера Соьлжа-ГIала а, Баку а схьаяккхаран операци кхиамца чекхъяккхарна. Август бутт чекхболуш фашистийн I-ра танкови эскар Теркан а, Баксан а хин бердайистошка кхечира. МостагIчо дIалецира Моздок, Ищерск, Новр-ГIала, Николаевск. Цуьнца доьзна кхерам кхоллабелира Нохч-ГIалгIайчоьнан къилбаседа-малхбузе районашна, цу юкъахь Малгобекана а.

Делахь а, Соьлжа-ГIала агIор тIелатарехь цул тIаьхьа кхиам а, я толам а ца хилира мостагIийн. Советийн эскарш, луьра тIемаш а беш, чIагIбелира Терка хица хиллачу дуьхьалонаш яран зилехь а, Соьлжан а, Iалхан-Чуртан а даккъашкахь, Iалхан-Чуртан аренца а, Баксанехь а, фронтан кхечу меттигашкахь а. МостагIийн ницкъ ца кхечира уьш юхабаха.

Соьлжа-ГIала йолчу агIор немцойн командованис 40-гIа танкови корпус кхоьссира, хьалхарчу танкови эскарна юкъайогIуш хилла йолу. Цу юкъахь бархI дивизи яра, царах кхоъ – танкови, цхьаъ – моторизованни, къоъ – гIашсалтийн, цхьаъ –  Румынийн лаьмнийн-гIашсалтийн яра. Царна гIонна къастийра иштта СС-н «Мертвая голова» дивизин къаьсттина йолу «Бранденбург» полк. Корпусана хьалха лаьттара Оьрза-ГIала–Моздок–Прохладное–Майское агIор Терках дехьа довларан, Чоьхьарчу Кавказе доьлху некъаш лардеш долчу советийн эскарийн дуьхьало кагъяран, Орджоникидзе, Соьлжа-ГIала, Баку схьаяккхарна кхачояран декхар.

1942-чу шеран август беттан чаккхенехь Гитлеран «А» эскаран командующина инарла-фельдмаршална Листана омра дира: «Хьалхарчу танкови эскаран коьрта декхар ду Терка йистехь мостагI хIаллаквар.

…Болуш болчу берриге а ницкъаца, уггаре а хьалха дIайоьдучу техникин ницкъаца Соьлжа-ГIала йолчу агIор тIелатар дIадахьар…».

Гитлеран лехамаш кхочуш а беш, 1942-чу шеран сентябрехь мостагIчун эскарша кхин а марсабаьккхира тIом Малгобек а, Iалхан-Чуртан аре а йолчу меттигашкахь. Еа дивизин – шина танкови а, шина гIашлойн а – гIоьнца мостагI масуьйттазза Теркал сехьавала гIоьртира, Теркан а, Соьлжан а даккъошна юккъехула Iалхан-Чуртан аренга а кхаьчна, Соьлжа-ГIала а, цуьнан мехкадаьттан промыслаш а сехьаяха дагахь.

1-чу сентябрера 28-гIа сентябрь кхаччалц луьра тIемаш лаьттира Малгобекехь а, Iалхан-Чуртан аренца а. Фашистийн эскарша баккхий ницкъаш кхийсинера кхуза. Советийн эскарш лаьттачу меттигашка бомбанаш а, яккхийчу тоьпийн снарядаш а еттара, уьш хьалатаIа ца дуьтуш. Оцу хьолехь а майра дуьхьало йора Малгобек ларъечара, мостагIашна даккхий зенаш а деш. Делахь а ницкъаш цхьабосса бацара. Немцой дукха бара, тIеман техника а яра церан алсам. Масийтта дийнахь буьрса тIемаш лаьттира. Хьал хийцира мостагIашна гIонна еанчу «Викинг» моторизированни дивизис. Вайн бIаьхойн 1942-чу шеран 5-чу октябрехь йита дийзира йохийна, сийначу цIарах йогуш йолу Малгобек.

Амма, Малгобекера арадевлла эскарш Iалхан-Чуртан татолах дехьа-м ца девлира. Уьш цигара юхадаха а, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIала схьаяккха а дагахь дуккхазза а тIелатарш дира фашисташа. Делахь а цунах церан гIуллакх-м ца хилира. ХIетте а «А» эскаран командованис ца дуьтура Соьлжа-ГIала а, Баку а схьаяккха гIертар. МостагI Эльхотовн кевнехула Орджоникидзе схьаяккха а, юха цигара Соьлжа хица охьа а веана Соьлжа-ГIалина тIелата а дагахь хилира.

Ищерск йолчу меттехь еа дивизин ницкъаца Теркал дехьа бовла гIерташ чIогIа тIемаш бира немцоша. Амма советийн эскарша уьш дехьа ца бовлуьйтура мел чIогIа гIоьртича а. 1942-чу шеран 9-чу сентябрехь Гитлеран Ставкехь хаам бира: «Терка йистехь советски эскарш совцо гIерта Соьлжа-ГIалина тIегIерта немцойн эскарш». Немцоша Моздокски группировка чIагIъян тарло аьлла хетара. Иштта хила а хилира. МостагIаша цига керла танкови а, гIашсалтийн а дакъош далийра. Цу юкъахь яра механизированни ши полк, танкови 23-гIа ТД полк, къаьсттина йолу танкови ТД 3-гIа подразделени, кхин а ши подразделени. Моздокана гуонаха дIалаьцначу меттигашкара юха ца бовла чIагIбелира уьш. Ткъа Теркан къилбехьара бердайист, Ищерски станицера Гуьмсе а, ГIизларе а кхаччалц ларъеш дара ЦIечу Эскаран дакъош. Оцу хенахь Соьлжа-ГIала вогIу пачхьалкхан кхерамазаллин генеральни комиссар, ГКО-н декъашхо Л.П.Берия. Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан-химически промышленность а, гIала а ларъяран белхаш дIабахьарна тIехь куьйгалла дан веанера иза. Цо а гойту Соьлжа-ГIала ларъяр мел доккха маьIна долуш хилла.

1942-чу шеран 5-чу августехь Зильги юьрта (ХIирийчохь) йогIу 9-чу эскаран штабан аренан урхалла. Чоьхьарчу Кавказан (Закавказье) фронтан командующин куьйга кIел дIало эскар. Делахь а вермахтан эскар а, тIеман техника а, гIирсаш а кхузахь дуккха а алсам бара. Уьш инзарбуьйлура советийн эскархойн марйаллех, доьналлех. Шайна кхузахь оццул чIогIа дуьхьало йийр ю аьлла хеташ ца хилла уьш. МостагIчунна даккхий зенаш хуьлура. Цара беза мах дIалора Соьлжа-ГIалина тIекхача гIерташ дIалоцучу хIора чаккхармех.

ТIаьхьарчу хенахь Iаламат дукха дуьйцу, яздо Кавказехь 1942–1943-чуй шерашкахь бинчу буьрсачу тIамех лаьцна. ДIадаханчу шерийн а, ткъа иштта карарчу хенахь болчу историкийн а, Iилманчийн а белхаш бешча вай тIеттIа алсам теша оцу исторехь кIайн кIайдаргаш Iаламат дукха йисина хиларх. Дукхах болчу Iилманчаша хьахабо Нальчикехь, Владикавказехь. Малгобекехь, кхечанхьа хилла тIемаш. Амма дийца а ца дуьйцу Соьлжа-ГIали гергахь бинчу къизачу тIамех лаьцна. Соьлжа-ГIала а, цигара мехкадаьттанах гIуллакхден заводаш а схьаяхар ма-хилла фашистийн коьрта Iалашо, шаьш Кавказе гIоьртачу хенахь. Соьлжа-ГIалано а, соьлжагIалахоша а доккха маьIна лелийна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь гитлеран йовсаршна дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь. Амма, халахеташ делахь а, хIинца а буьззина мах хадийна бац цуьнан.

ТIаьхьарчу масех шарахь гучубевлла Нохч-ГIалгIайчоьно а, цуьнан пачхьено Соьлжа-ГIалано а Кавказехь дIахьочу тIемашкахь мостагIа вохорна юкъайиллинчу хазнин хьокъехь болу хаамаш. Иза чIагIдо тIеман муьрехьлерчу донесенеша. «08 сахьт 00 минот. 1942 ш. 17.11. Цкъа хьалха яккхий тоьпаш а йиттина, мостагI тIелетира Алпатово юьрта уллехь (цигахь дуьхьало еш бара 44-чу Эскаран цIеэскархой), цигахь тIом хиллачул тIаьхьа юхадовла дийзира церан. Оцу тIамехь хIаллак а вира, чевнаш а йира фашистийн 230 салтичунна а, эпсарна а, йийсаре валийра 4 немцо. Йохийра 32 танк, ягийра 3 танк. Йохийначарах 15 танк схьаяьккхира.

МостагIчо дуьтуш дацара кегийчу тобанашца Теркан къилба агIор бовла гIертар, Соьлжа-ГIала а, гIалара мехкадаьттан промыслаш а схьаяха шайн коьртачу ницкъашна Теркал сехьа довла аьтто бархьама. 21.11.1942 ш. МостагIийн тIелатар юхатухуш хиллачу тIамехь 414-чу СД полкерчу цIеэскархойх чевнаш хилла а, вайна а юкъараваьлларг 400 стаг вара. Оццу дийнахь Теркан къилба агIор йолчу Бена-Юьртана юххехь немцой юха а Теркал сехьабовла гIоьртира. Сехьавала гIоьртинарг 20 стаг вара. Царах итт хIаллаквира. Бисинарш дIасабевдира.

М.Ибрагимов, историн Iилманийн доктор,

И.Хатуев, историн Iилманийн кандидат,

И.Сардалов, историк

 

(Чаккхе хир ю)

№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: