НР-чу а, ДР-чу а цӀейайъархоша цхьаьнадогӀу Ӏамораш дӀадаьхьна

Россин МЧС-н Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а урхаллийн белхахоша цхьаьнадогӀу Ӏамораш дӀадаьхьна Хасавюьртарчу базарахь.

«Ӏамораш дӀадахьарехь йаьлла цӀе дӀасацайаржийтар а, иза дӀайайъар а теллина», — дийцина Россин МЧС-н Нохчийчуьрчу Коьртачу урхаллин хьаькаман заместитела Сайдаев Султана.

Билгалдоккху Ӏамораш дӀадахьа къастийнарг хала объект хилар.

Цуьнан гурашкахь теллина луларчу субъекташкарчу цӀейайъаран дакъоша вовшийн гӀо-накъосталла даран болх.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: