Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гуламан залехь дӀайаьхьна тахана Республикин «Турпалхойн амалаш» фестивалан шолгӀа ахфинал.

Вайн махкарчу кегийрхойн похӀмаш гучудахаран а, тӀекхуьу чкъор культурин а, Даймохк безаран а декъехь кхиоран а Ӏалашонца дӀахьош фестиваль йу иза.
Культурин дӀадолорийн Президентан фондера грантан гӀо-накъосталла а долуш, иза вовшахтоьхнарг бу Республикин йукъараллин «Турпалхой» болам.
14 шарера 35 шаре кхаччалц болу кегийрхой бу цуьнан дакъалацархой.
Нохчийн халкъан этнокультурин тӀаьхьалуо кегийрхошлахь йаржор коьртачу Ӏалашонех хиларе терра, ша къовсам 4 декъехь дӀабаьхьна: • Къоман хелхар; • Къоман даарш; • Къоман тоьлла духар; • Дечиг-пондар тоьлла лакхар.
ШолгӀачу ахфиналан жамӀашца 2 тоба къастийна: Устрада-ГӀалин а, Гуьмсан кӀоштан а тобанаш.