Карарчу шарахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистски Германина тIехь Толам баьккхина 70 шо кхаьчна. Маршо къуьйсуш СССР-хь дехаш хиллачу дерриге а къаьмнийн векалш эгна оцу луьрачу тIамехь. Нохчийчуьра а эзарнаш бIаьхой хилла цигахь дакъалоцуш. Массо а хенахь нохчийн доьзалехь, ша мел къона велахь а, жима стаг даима а кийча хилла шен Даймахка т1ом беача цунна дуьхьало ян. Дуккха а нохчийн кIенташа шайн синош ца кхоош, майралла а, доьналла а, къонахалла а гойтуш дакъалаьцна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь. Цхьа а шеко йоцуш, и кегий нах бахьана долуш Росси дуьненахь уггаре а нуьцкъала пачхьалкх а, ткъа Нохчийн Республика уггаре а сиха кхуьуш йолчарех регион а ю. Иштта шен Даймохк паргIат баккхарехь къовсам латтийначарех цхьаъ ву Хьалха-МартантIехь вехаш хилла Нукаев Шамсудди.
Нукаев Шамсудди вина 1925-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. Кхеран доьзаллехь кхин цхьа йоI а хилла. 1941-чу шеран 22-чу июнехь дIаболабеллачу тIеман хало лан дийзира церан а. Доьзалан да Хьасан кегийчу берашна Iуналла деш ву бохуш тIаме кхойкхуш ца хилла. Амма 1942-чу шарахь вуьрхIитта шо ма кхеччинехь Шамсудди шен ден меттана воьду олий тIаме воьду. Хьасана шен цхьаъ бен воцу кIант уллехь оьшуш воллушехь, «Даймахкана суначул ч1ог1а оьшу-кх хьо», – олий дIавохуьйту. ТIаме ваханчу хенахь Нукаев Шамсудди – могIарера бIаьхо хуьлу. Цул тIаьхьа разведчикан курсаш чекх а йохий иза Украинин 4-чу фронтан ЦIечу байракхан дошлойн 30-чу дивизин дошлойн I38-чу полкехь гIуллакх дан воьду.
1943-чу шеран 26-чу октябрехь Запорожски областан Веселое районехь хиллачу т1еман тасадаларехь нохчичо немцойн бархI фашист х1аллакво. Иштта йийсаре во ши эпсар а, ялх бIаьхо а. Цаьргара тIаьхьа тесна г1удалкх йолуш ши трактор а, дуккха а ягориг а схьайоккху. Цул тIаьхьа дукха хан ялале Ново-Серогозски районерчу Новоалександровка юьртахь, хиллачу тасадаларехь Нукаев Шамсуддис пхийтта немцо х1аллакво, пхийтта румынхо йийсарво. Мотоцикл а, машен а схьайоккху. Иштта майралла а, доьналла а гайтина волчу нохчичунна 1943-чу шеран 8-чу ноябрехь «За отвагу» мидал ло.
1944-чу шеран 9-чу апрелехь Запорожски областерчу Васильевка гIалахь тергонан пунктехь вайн махкахо а волуш, немцойн эскар тешнабехкаца тIелатар дан гIоьртина. Амма меттаххьуьйш йолчу массо а хIуманан терго еш волчу Нукаев Шамсуддина тосабелла уьш. Вайн махкахочо сихха и хьал дIадийцина полкан командире. Дерриге а шайн эскар а гулдина, танканаш а лоьлхуьйтуш, юхабехира мостагIий.
1944-чу шеран 19-чу апрелехь ша разведкехь гIуллакх деш нохчичо шен хеннахь зIе тесира мотомеханизированни дакъошца. И бахьана долуш Нукаев Шамсуддина III-чу даржан Сийлаллин орденца совгIат дира.
Фашистски Германица хилла тIом чекхбаллалц шена тIедехкина долчу декхаршца дика ларош, шен къоман дика цIе йоккхуьйтуш т1ом бина цIа веана Нукаев Шамсудди.
А.АБДУЛАЕВ
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо
