Карарчу шеран 1-чу эхашеран жамӀаш дарна лерина цхьаьнакхетар дӀадаьхьира тахана.

Куьйгаллехь НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а волуш, «Грозный» НПТРК-хь хиллачу цигахь дакъалецира НР-н Куьйгалхочун пресс-секретара Вахидов Ӏилмана а, шуьйрачу республикин а, муниципалитетийн а хаамийн гӀирсийн куьйгалхоша а, журналисташа а.
Бийцаре бира даханчу эхашарахь маьӀнечу теманашна тӀехь хаамийн гӀирсаша а, журналисташа а болх къахьегар.
Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачарна, Нохчийн мотт кхиорна, экономикина, Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь нохчийн бӀаьхоша дакъалацарна, Нохчийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а йукъарчу некъана а, и.д.кх.а теманашна тӀехь бина белхаш а бовзуьйтуш, тайп-тайпанчу спикерша докладаш йира.
Гулбеллачарна хазахетаран кхаъ хилира Дудаев Ахьмада и докладаш къобалйар а, маьӀнечу теманашна тӀехь къахьегарехь хаамийн гӀирсаш ларийна хилар билгалдаккхар а.
Делахь а, оцу тӀехь ца дирзира хазахетар — шуьйрачу хаамийн гӀирсашкахь хьанал къахьоьгучу цхьамогӀа белхахошна пачхьалкхан а, ведомствон а совгӀаташ дира.
СовгӀаташ Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Россин Пачхьалкхан думин депутатан Делимханов Адаман а, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан а цӀарах дара.
Уьш кхаьчначеран могӀарехь хаамийн гӀирсийн беккъа цхьа куьйгалхой хилла ца Ӏаш, дуккха а журналисташ бара.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь билгалйехира 2-чу эхашарна маьӀне йолу теманаш.
Царна тӀехь а нохчийн журналистийн кхиамаш хирг хиларх ша тешаш хилар хаийтира Дудаев Ахьмада.