Россис Украинехь тӀеман леррина операци дӀайахьар шаьш къобалдар а гойтуш, вайн махкарчу йукъараллин гӀуллакххоша а, организацеша а митинг дӀайаьхьира тахана Соьлжа-ГӀалахь.

НР-н Йукъараллин палатин дӀадолорца вовшахтоьхначу цигахь дакъалецира 1,5 эзар сов стага, шайн могӀарехь, лакхахь билгал ма-даккхара, йукъараллин гӀуллакххой а, политикин партийн векалш а, профсоюзийн декъашхой а, кегийрхойн боламийн жигархой а, кхиберш а болуш.
Украинхойн махкахь денацификаци а, демилитаризаци а йар а, Донбассерчу республикашкара маьрша бахархой ларбар а Ӏалашонехь долу тӀеман леррина операци а, цигахь нохчийн бӀаьхоша жигара дакъалацар а шаьш къобалдеш хилар хаийтира митинган дакъалацархоша.
Цул сов, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанна а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан президентана Несин Айманина а баркалла а элира цара, йуьйцучу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхошна мел оьшург цара латторна.