«Къинхьегаман эвсаралла» къоман проектан гурашкахь Ӏаморан 3 модуль чекхйаьккхина «ТРУБПЛАСТ» йукъараллин белхахоша. Оцу хьокъехь хаам бина оцу компанин директора Исраилов Ахьмадан Аюбхана.
«Тхан болх кхин а тобарна оьшуш болчу гӀирсех пайдаэцна белхахоша оцу Ӏаморийн гурашкахь», — дийцина цо.
Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министран заместитела Жамалдаев Ӏабдул-Рашида билгалдаккхарехь, Компетенцийн федеральни туьшан говзанчаша гӀо-накъосталла а деш, предприятеша «Къинхьегаман эвсаралла» къоман проектехь дакъалацар доккха маьӀна долуш ду, хӀунда аьлча, оцу проектан дакъалацархошна хьалха лаьтта Ӏалашонаш дукхазза а аттайахарна цунах Ӏаткъам хуьлу дела.
3 баттахь лаьттинчу Ӏаморех шайн предприятина а, белхахошна а пайда хирг хиларх йоккха дегайовхо йолуш Исраилов Аюбхан а ву.