Хьакъ доллу таIзар
Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан суьдо къастийна Музигова Ламарица доьзна долу уголовни гIуллакх. 30 шо кхаьчна йолу зуда бехке лерина РФ-н УК-н 30-чу а, 228-чу а статьяшца догIуш долу зуламаш дарна (баккхийчу барамашкахь наркотикаш бакъо йоцуш йохка гIортар).
Суьдехь билгалделира кху шеран февралехь Соьлжа-ГIалахь ша болх бечу салонехь-парикмахерскехь Музиговас оперативни гIуллакхаш дIадахьарехь дакъалацархочунна бакъо йоцуш ши эзар соьмах 0,6 грамм йозалла йолчу наркотикан (спайс) цхьа пакет йоьхкина хилар. Оццу дийнахь иза лецира. Цунна дегIах хьовсучу хенахь зудчуьнгахь карийра йохка лерина йолу наркотикан (спайс) 14 пакет, шайн терзанан барам 4,67 грамм а болуш. Аьллачунна тIетоха догIу зулам дечу хенахь жимма хьалхо Музигована дуьхьал наркотикашца доьзна уголовни гIуллакх долийна хилла хилар а.
Пачхьалкхо бехкевархочунна хетачунна тIе а доьгIна, юкъарчу рожан колонехь яккха суьдо 10 шо хан туьйхира Музигована.
Мехашна тIехь – таллам
Гуьмсан районерчу прокуратуро теллира меттигерчу махлелоран сеташкахь берашна лерина болчу кхачанна мехаш хIитторехь законан лехамаш муха кхочушбо. Гучуделира дуккха а меттигашкахь уьш кIоршаме талхош хилар.
Масала, «Лунатик» туьканахь «Малютка» цIе йолу берийн кхача бохкахIоттийна мах законо луш йолчу бакъонал 30 процентал лакхара а хIоттийна юхкуш хилла хилар. Изза талхораш берийн кхачанан кхечу туьканашкахь а карийра прокуратурин белхахошна.
Гучудаьхначу талхорашна тIе а доьгIна, районан прокурора Адаев Арсана тIедилларца бехке берш административни жоьпе озоран хьокъехь гIуллакх долийна.
ГIуллакхе юха хьаьжна
Хаъал доккха зен а деш, нехан хIумнаш лечкъорна суьдо Сербиев Алимханна колонехь-поселенехь яккха 1 шой 4 буттий бен хан ца тохарна реза ца хиллачу Шуьйтан районашна юкъарчу прокуроран Асуханов Зауран апелляци къастийра регионан Лакхарчу суьдехь.
ГIуллакх къасточу хенахь гучуделира дIадаханчу шеран мартехь Сербиевс маьждиге богIуш болчара сагIийна луш хилла ахча аьчган яьшки чуьра лачкъийна хилар. Цул сов шолгIачу дийнахь оццу маьждиге а веана, Дикаевн пхьаьрсах доьхку сахьт а, хеча а лачкъийра, цунна 6100 соьман барамехь зен а деш.
Пачхьалкхан бехкевархочо апелляци яр доьзна дара суьдо кхиэл ечу хенахь законан норманех нийса пайдаэцна цахиларца. ШолгIачу тIегIанан суьдо бух болуш лерира прокурора далийна бакъдерш. Сербиевна таIзар дира колонехь-поселенехь яккха 2 шо хан тохарца.
Шен хеннахь ца елла отчет
Роскомнадзоран нохчийн Республикехь йолчу урхаллехь таллам бечу хенахь регионан прокуратуро гучудаьккхира пачхьалкхан хьашташна кхачоярна закупкаш яран декъехь законан лехамаш талхийна хилар. Ша аьлча, Интернетехь ца гайтина пачхьалкхан контракт урхалло кхочушъяран хьокъехь йолу отчет. Цул совнаха ишттачу контрактийн реестр лелош волчуьнга кхаа денчохь хаам ца бина пачхьалкхан контракт кхочушйина хиларан хьокъехь.
Цуьнца доьзна республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима тIедилларца урхаллин куьйгалхочунна дуьхьал административни талхораш даран хьокъехь 2 гIуллакх долийна, РФ-н КоАП-н 7.30-чу а, 7.31-чу а статьяшна тIе а доьгIна.
Закон талхор хилийтаран бахьанаш а, хьелаш а дIадахаран Iалашонца оцу урхаллин куьйгаллина тIедиллина бехке берш жоьпе озор.
Прокуратурин лехамца…
Кху шеран майхь таллам бар дIахьочу хенахь регионан прокуратурин векалша тидам тIебахийтира дахарна чIогIа оьшуш долчу молханашна а, уггаре а мехалчу дарбанан препараташна а хIиттийначу мехашна тIехь таллам латторехь Росздравнадзоран Нохчийн Республикехь йолчу урхаллехь закон талхор хилийтина хиларна. Цо кхочуш ца йо молханийн мехашна тIехь таллам латто шена елла бакъо. Ма-дарра аьлча, и болх бар «Фарммедтехснаб» ГАУ-на тIедиллина.
Оцу хьоло дийнна цхьамогIа вуон тIаьхьенаш хиларна тIедаладо, таро ца хуьлуьйту мехаш кхолларан хьокъехь долу закон талхош хилар сихха дIадаккха. Цунна тоьшалла ду хIара бакъдерг а: гучуделира хIара шо долалуш 45 молханна мехаш тIетоьхна хилар. Цхьайолчу меттигашкахь и мехаш 40 процентаначул лакха а даьхнера.
Амма цуьнга хьаьжна доцуш урхаллин куьйгалло кхолладеллачу хьолана тIехь таллам ца латтабора, я и гIуллакх пачхьалкхан Iедалан органашна хьалха а ца хIоттадора.
ГIуллакхана юкъагIорта дийзира регионан терго латторан органан векалийн. 78 акт хIоттийра цара гучудаьхначу кхачамбацаршца доьзна. Прокуратуро тIедилларца уьш дIа а даьхна, цунна бехкениг низаман жоьпе а озийна.
Шена еллачу бакъонах пайдаоьцу
Уголовни таIзарш кхочушдарехула долчу гIуллакхашка хьовсуш суьдашкахь дакъалаца йолчу шен бакъонах пайда а оьцуш, республикин прокуратуро гIо до суьдаша тIеоьцуш болу сацамаш бух болуш, нийсонна тIехь лаьтташ хилийтарна тIехьажийна. Иштта, регионан суьдаша кху шеран чекхбаьллачу пхеа баттахь къастийна таIзарх хенал хьалха паргIатваккхар, чохь яккха бухайисинчу ханна мелла а кIеда таIзар дар доьхуш динчу 80 дехаре. Царах 59 дехарна жоп делла.
Дина таIзар шен Iалашоне кхачийтархьама, тоьхна хан буьззинчу барамехь яккха езаш болчара хенал хьалха паргIатбахар доьхуш дина 21 дехар жоп доцуш дитина. Иза деш дукха хьолахь суьдаш тIетийжара прокурорашна хетачунна.
Суьдийн сацамаш законан бух болуш хилар толлуш, прокурор оцу сацамашца реза цахилар хьесапе ца оьцуш тIеэцна хиларна ши апелляци елла Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан уголовни гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллеге. Прокурорашна хеташ дерг цигахь нийса а лерина, законан бух боцуш болу сацамаш боха а бина.
Вешина гIо дархьама…
ЧIогIа цомгаш волчу шен вешина шен жим биллийтарехь гIо дар доьхуш регионан прокурора нах тIеоьцучу хенахь Муцаева Анжелас динчу дехаре хьаьжна прокуратурехь. Цо дийхира донор хила бакъо ялар.
Прокуратурин тIедилларца Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствос къастийна цомгашниг а, донор а Россин могашалла Iалашъяран министерствон «Трансплантологин, искусственни органийн Шумаковн цIарахчу Федеральни Iилманан туш» аьлла йолчу пачхьалкхан учрежденехь консультаци а, таллам а байта баха йолу таро. Медицинин гIо дийр ду 2015-чу шарахь а, цул тIаьхьа догIучу 2016-чуй, 2017-чуй шерашкахь а гражданашна маьхза медицинин гIодаран пачхьалкхан тешаман программин гурашкахь.
Дехар динарг кхетийна маьхза медицинин гIо даран бакъенах.
Муха ду бизнесан гIолацар?
Жимачу а, юккъерчу а бизнесан субъектийн гIолацар билгалдеш долу закон кхочушдар муха ду толлуш республикин прокуратуро гучудаьккхира 600 сов талхор. Царах 161-нна представлени язйина. РФ-н ГПК-н 45-чу статьяца нийса а догIуш, 61 заявлени суьдашка дIахьажийна. Прокурорийн дIадолорца административни жоьпе озийна 15 стаг.
Прокурораша тидам тIебахийтира меттигерчу шаьш урхалла даран органаша «Россин Федерацехь жима а, юккъера а предпринимательство кхиоран хьокъехь» долу федеральни закон кхочушдеш цахиларна. Иштта, Гуьмсан районан прокуратурина гучуделира яртийн меттигашкахь органаша жима а, юккъера а бизнес кхиоран декъехь бакъонан акташ тIеэцна а, чIагIдина а цахилар. Царна тIедиллира билгалдаьхна кхачамбацарш дIадахар.
Оцу кепара талхораш ерриге а районашкахь карийна. Прокуратуро хьокъала доллу гIуллакхаш дар бахьанехь жимачу а, юккъерчу а бизнесца доьзна долу бакъонан акташ меттигерчу органашкахь тIе а эцна, Интернетан сеташкахь йолчу сайташкахь зорба а тоьхна.
Ведомствон сайта тIера
хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ.
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо