Медицинин хьалхара дакъа кхиоран программин гурашкахь санитарин автопаркашна керла 7 «Лада Ларгус» эцна.
ТӀехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а, Грозненски а, Гуьмсан а, Нажин-Юьртан а, Шелан а кӀоштийн больницашна кхаьчна уьш.
Карара шо чекхдалале кхин а 79 машен оьцург хилар хоуьйту Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствос.
Оханан (апрель) баттахь йалийна хилла 8 а, таханлера 7 а, лакхахь хьахийна 79 а лаьрча, карарчу 2022-чу шарахь санитарин 94 машен оьцуш нислур ду.