Кегийрхошна вайн къоман Ӏадаташ а, доьзалан мехаллаш а, ламасташ а довзуьйтуш, леррина цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Устрада-ГӀалин Культурин цӀийнехь.
«ГӀиллакхийн суьйре» цӀе а йолуш долу иза «Культура» къоман проект кхочушйаран гурашкахь дӀадаьхьира.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу кегийрхошна, хӀора а ламаст, хӀора а Ӏадат довзийтарехь, таханлерчу дахарца доьзна масалш а далийра.
Цул сов, шайн кегийрхойн а аьтто хилира ца хуучух а, иштта, кхитӀе а шайна довза луучух а хаттарш дан.
Билгалдоккху цигахь дакъалоцуш 150 сов кегийрхо хилла хилар.