Йоккха 25 машен йоьттина 50 тонна гуманитарин гӀо-орца кхачийна тахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо Луганскан Халкъан Республикин Лисичанск гӀала.

Бахархошна леринчу сурсатех а, молханех а лаьтташ ду и гӀо-орца.
Дама, дуга, шекар, гарзанаш, даьтта, и.д.кх.а сурсаташ ду меттигерчу бахархошна дӀасадекънарш, ткъа молханийн хьокъехь аьлча — вирусашна а, бактерешна а дуьхьало латторан гӀирсаш.
Цул сов, 1 эзар гергга доьзална финансийн гӀо-накъосталла а дина.
И болх цигахь дӀабахьарна Ӏуналла деш Нохчийчоьнан Парламентан спикер Даудов Мохьмад ву.
Бахархоша, шайна иштта терго а, тидам а барна, цхьабосса баркаллаш боху Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан президент йолчу Несин Айманина а, Нохчийчоьнан Куьйгалхо волчу Кадыров Рамзанна а.