ХӀокху деношкахь цӀинйина «Чечана — Соьлжа-ГӀала — Чечана» маршрутехула дӀасалелачу йукъараллин транспортан автопарк.
Оцу хьокъехь хаам бинчу НР-н транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана билгалдаьккхина оцу маршруте арайаьккхинарг 10 ГАЗель NEXT хилар.
«Хьалхара рейс 06:40 йеш хиларе терра, пассажирийн аьтто бу хьалххе шайн гӀуллакхашка дӀасабаха», — йаздина министра.
Цул сов, йуьртахула дӀасалела а йуьйлайелла йукъараллин транспорт.
Иштта, и болх пассажирашна кхерамза а, бегӀийла а хьелаш кхолларан хьокъехьчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца дӀахьош хилар а хаийтина цо.