2 эзар сов хӀусаман дозане кхаччалц газ маьхза тӀейигна

Вайн республикехь жигара дӀахьо бахархойн хӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигаран болх.

Оцу декъехь хӀинцале а бинчу белхан хьокъехь аьлча, билгалдаккха догӀу маьхза газ 2 эзар сов хӀусаман дозане кхаччалц тӀейигна хилар.

2021-2022-чуй шерашкахь бан безачу белхан 43,6% нисло иза.

И белхаш дӀабарехь 125,2 км биргӀанех пайдаэцна.

Иштта хьал довзийтина Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима дӀайаьхьначу кхеташонехь.

Нехан доларчу латтанашна кехаташ кечдар а, уьш ЕГРН-а чу дахар а дийцаре дира цигахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: