«Zа Правду» пресс-туран 5-чу муьрехь дакъалоцуш 30 сов журналист ву

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца дӀахьош бу «Zа Правду» пресс-туран 5-гӀа мур.

Цуьнан гурашкахь дакъалоцуш 30 сов журналист ву.

Россера хилла ца Ӏаш, Донецкан а, Луганскан а халкъийн республикашкара а, Чинера а, Хонкарера а, Сербера а, Къилбаседен Корейра а бу уьш.

Пресс-туран рогӀера дакъа дӀахьош Нохчийчоьнан Парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу полицин лерринчу Ӏалашонийн полкан командир Чалаев Замид а, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а ву.

Цара журналисташна гойту националисташа хӀинццалц Ӏуналла деш хилла меттигаш а, иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо цигахь гуманитарин гӀо-орца дар а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: