Дийцира Рамадан беттан дозаллех лаьцна

IMG_2845

Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу  Радион цIийнехь хилира  фарз мархийн сийлахь Рамадан бутт тIекхачарна лерина цхьаьнакхетар. Цигахь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь белхаш бечу зударшна Рамадан  беттан йозалла йовзийтира. Цу пайдехьчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, цуьнан заместитель Элимбаев Алихан, зударийн «Ийман» клубан председатель Мужедова Ийман, оццу клубан декъашхо Усаева Iайшат.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Элимбаев Алихан.

– Хууш ма-хиллара, тIебеанарг беза фарз мархийн  Рамадан  бутт бу. Шен заманчохь Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен къамелашкахь дукха ялхийна, хьадисашкахь шех лаьцна даккхий Iаламаташ дийцина еза хан ю иза. Жоьжахате баха хьакъболчу шен лайх къинхетам беш, Дала эзарнашкахь ялсамане бохуьйтуш болу бутт бу тIебеанарг. Дала и мархийн бутт лийринчарах, цуьнан хьурмат диначарах, и марханаш кхаьбна, ялсамане дохуьйту долчарах дойла вай, – элира цо.

Усаева Iайшата дийцира Рамадан беттан йозаллех лаьцна. Мархин баттахь деккъа цхьа марха кхаьбна Iийча кхачаме хирг  ца хилар билгалдаьккхира цо.

– Рамадан баттахь марха кхабар фарз ду. Иза Дала бусалба нахана совгIатана баийтина бу. Адамийн дуккха а къиношна гечдеш, жоьжахатийн неIарш дIакъовлуш, ялсаманийн барххIе а неI схьайоьллуш бутт бу тIебеанарг. Марха кхабарна юкъадогIуш дуккха а хIуманаш ду: шен-шен хенахь ламаз дар, фарз духар, адамашна тIаьхьашха ца лер, вовшашца кIеда-мерза хилар, иштта дIа кхин а.

Массарна а чIогIа тайнера Iайшата дина къамел. Марха кхабаран хьокъехь масийтта хаттар а кхолладелира церан.

Цхьаьнакхетар дерзош, Умаров Джамбулата баркалла элира ханна къона елахь а, цу тайпа кIорггера цулацам болуш хьехамаш барна Мужедова Ийманна а, Усаева Iайшатана а. Иштта, массо а бусалба стаг тIебеанчу Рамадан баттаца декъал а вира цо.

З.САГАЕВА 

№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: