Россин Президентан Сийлаллин грамота йелла Кадыров Рамзанна

Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна совгIат дина Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Сийлаллин грамотица.

И деза совгIат вайн республикин Куьйгалхочунна дIаделира Нохчийчу веанчу хенахь Россин Президентан Къилбаседе-Кавказан федеральни округехь йуьззина бакъонаш йолчу векала Чайка Юрийс.

Ю.Чайкас билгалдаьккхира регионехь дика хийцамаш хилла хилар.

Цо лаккхара мах хадийра социальни мехала маьIна долу дакъош планан хьесапехь кхиорехь Нохчийчоьнан куьйгалло беш болчу белхан.

«Цхьа а шеко йоцуш, хIара совгIат Нохчийн Республикин зовкхан дуьхьа ас хьоьгуш долчу къинан лаккхара мах хадор ду. Ас даггара баркалла боху Владимир Владимировична сайна боккха тешам баларна», – йаздина Кадыров Рамзана шен Телеграм-каналехь.

Цо билгалдаьккхира федеральни туьшо билгалйина планаш кхочушйарехь регионна массо а агIор доккха гIо деш хилар.

С.АЛЬВИЕВ
№ 50, кхаара, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2022 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: